Мотт- къоман са
25.04.2023Оханан беттан ткъе пхоьлаг1чу дийнахь Шелковски к1оштан МБОУ"Каргалинскера СОШ 1" ишколехь нохчий меттан денна лерина" Мотт- къоман са" ц1е йолу мероприяти д1айаьхьира нохчийн меттан хьехархоша,библиотекан куьйгалхочо.1алашо: вайн мотт уггаре а исбаьхьчу,хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар;вайн а,кхечу къаьмнийн а йаздархоша а,1илманаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар;дешархойн дегнаш чу шайна ненан матте бовха безам кхоллар.Цхьаьнакхетарехь гулбеллера хьеший а,дешархой а.Оцу мероприятехь жигара дакъалецира школан дешархоша.Дийцира нохчийн меттан дозаллех,хазаллех лаьцна,махкахь г1арайоьвлла йевзаш йолу байташ а йийцира,эшарш а лийкхира.Цхьаьнакхетар нохчийн ламастех дуьзна дара,хьешашна ч1ог1а тайра иза.Цара дехар дира дешархошка шайна йукъахь ненан мотт бийцар,1амор.Хууш ма хиллара Нохчийн Республикан куьйгалхочо,Россин Турпалхочо Р.А.Кадыровс шен указца билгалдаьккхина Нохчийн меттан де даздар оханан беттан 25-чу дийнахь.Кху шарахь вайна ма хаара 2023-шо Нохчийн меттан шо ду. Массо а декъалво кху дезчу денца! Нохчийн мотт,хьо базбеш,хьо лоруш,хьан сийдеш, хьо кхио,хьо хазбан,хьо марзбан билгалдаьккхина оханан беттан 25-г1а де! Дало луур дара Ахьмад -Хьаьжас аьлла дешнаш "Нохчийн мотт ларбинчо-нохчийн къам лардина".