Нохчийн меттан де

25.04.2020

Нохчийн меттан сий деш хьо ваьхнехь, дуьненахь а, эхартахь а хьан сий хир ду! Хьо винчу ненан маттана пе бетташ хьо ваьхнехь, хьан декъаза СА беркъа хир ду, т1етовжа тешаме г1ортор а йоцуш. Нохчийн мотт – иза вайн маьрша синош марзонах 1або кхача бу. Нохчийн мотт – иза гергарлонаш ч1аг1ден болатан з1е ю. Нохчийн мотт – хьайн къоман г1иллакхийн гурашкахь хьо латто онда г1ирс бу. Нохчийн мотт – вайн дайша азаллера тахнене схьакхачийна экама ни1мат ду. Тахана вай декхарийлахь ду иза 1алашбан, цуьнан башхачу шатайпаллина г1ароле х1итта, т1аьхьарчу т1аьхьенна, басах а, чомах а ца талхош, иза д1акховдо. Цунах кхета Дала хьекъал а, доьналла лойла вайна. Амин🤲🏻